1 of 74

2024 ШЕРАН НОХЧИЙН МЕТТАН

ПАЧХЬАЛКХАН КОЬРТАЧУ ЭКЗАМЕННА

КЕЧАМБАРАН БАШХАЛЛАШ

2 of 74

24860

арахецархо

2023 шо

«5»

«4»

«3»

«2»

7441- 29,93 %

11472 - 46,15 %

5885 – 23,67 %

62 – 0,25 %

3 of 74

Хааран барам

(успеваемость)

99,75 % (5885 деш.)

Дешаран дикалла

(качество)

76,08 % (18913 деш.)

4 of 74

РогӀалла

Кӏошт, гӀала

Дешархой

«2»

«3»

«4»

«5»

деш.

%

деш.

%

деш.

%

деш.

%

1.

Тӏехьа-Мартан

1487

10

0,67

509

34,23

658

44,25

310

 

20,85

 

2.

Устрада-ГӀала

1244

1

0,08

280

22,51

520

41,8

443

 

35,61

 

3.

Веданан

411

0

0

60

14,6

221

53,77

130

 

31,63

 

4.

Грозненски

1363

1

0,07

238

17,46

651

47,76

473

34,7

5.

Соьлжа-Гӏала

4907

15

0,31

1343

27,37

2175

44,32

1374

28

6.

Гуьмсан

3855

4

0,1

682

17,69

1748

45,34

1421

36,86

7.

Итон-Кхаьллан

25

0

0

1

4

14

56

10

40

8.

Курчалойн

2262

9

0,4

575

25,42

1034

45,71

644

28,47

5 of 74

9.

Теркан

1068

3

0,28

295

27,62

525

49,16

245

22,94

10.

Невран

719

0

0

111

15,44

328

45,62

280

38,94

11.

Ножай-Юьртан

388

0

0

50

12,89

211

54,38

127

32,73

12.

Эна-Хишкан

346

0

0

29

8,38

142

41,04

175

50,58

13.

Хьалха-Мартан

3020

8

0,26

729

24,14

1447

47,91

836

27,68

14.

Шуьйтан

308

0

0

81

26,3

153

49,68

74

24,03

15.

Шелковскан

995

0

0

85

8,54

424

42,61

486

48,84

16.

Шелан

2462

11

0,45

817

33,18

1221

49,59

413

16,77

РогӀалла

Кӏошт, гӀала

Дешархой

«2»

«3»

«4»

«5»

деш.

%

деш.

%

деш.

%

деш.

%

6 of 74

  1. Белхан хьесап (план)
  2. Консультацийн журнал
  3. Омрин (приказан) копи
  4. Кодификатор
  5. Спецификаци
  6. Критереш
  7. Диагностикин карта
  8. Демоверсеш
  9. Дешархойн белхаш

НОХЧИЙН МЕТТАН ПАЧХЬАЛКХАН КОЬРТАЧУ ЭКЗАМЕННА КЕЧАМБАР

7 of 74

НОХЧИЙН МЕТТАН ПАЧХЬАЛКХАН

КОЬРТА ЭКЗАМЕН ДIАЙАХЬАРНА ЛЕРИНА

ЧУЛАЦАМАН ЭЛЕМЕНТИЙН А, ДЕШАРХОЙ КИЙЧА ХИЛАРАН ТIЕГIАНАН ЛЕХАМИЙН А КОДИФИКАТОР

– 1-ра дакъа. «Нохчийн меттан коьртачу йукъарчу дешаран коьрта дешаран программа карайерзоран тIегIанан лехамийн ларам».

– 2-гӀа дакъа. «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменехь толлучу чулацаман элементийн ларам».

8 of 74

2024 ШАРАХЬ НОХЧИЙН МЕТТАН ПАЧХЬАЛКХАН

КОЬРТА ЭКЗАМЕН ДIАЙАХЬА ЛЕРИНА ТАЛЛАМАН ЛАРАРАН КОЬЧАЛИЙН

СПЕЦИфИКАЦИ

  • ПКЭ-на леринчу талламан лараран коьчалийн лехам
  • ТЛК-н чулацам билгалбен документаш
  • ТЛК-н дIахIоттам кхолларан а, чулацам харжаран а некъаш
  • ТЛК-н чулацаман а, дIахIоттаман а характеристика
  • ТЛК-н тIедахкарш, чулацаме а, толлучу хаарийн, гIуллакхдаран некъашка хьаьжжина, декъар
  • ТЛК-н тIедахкарш шайн чолхаллин барамашца декъар
  • Нохчийн меттан ПКЭ дIайахьаран хан
  • ГIоьнна лерина коьчалш
  • Къаьстина тIедахкарш а, берриг экзаменационни болх а кхочушбаран маххадоран къепе (система)
  • Экзамен дIайахьаран хьелаш (говзанчашка лехамаш)
  • 2023-чу шеран ТЛК-хь хиллачуьнца дуьстича, 2024-чу шеран ТЛК-хь бина хийцамаш (1-чу тӀедилларехь дешнийн барам совбаьккхина)

9 of 74

9 ТӀЕДИЛЛАР

ТЛК

1 ДАКЪА

2 ДАКЪА

3 ДАКЪА

10 of 74

1 ДАКЪА

5 хаттар

> 60 дош

7 балл

Бланк № 2

1 тIедиллар

Жима йозанан болх

11 of 74

2 ДАКЪА

7 тIедиллар

Доцца жоп даларан

тIедахкарш

2-8

Дош, дешнийн цхьаьнакхетар,

терахь, терахьийн

хьалха-тIаьхьалла

7 балл

Бланк № 1

12 of 74

3 ДАКЪА

1 тIедиллар

Сочинени-ойлайар

9.1

9.2

9.3

> 70 дош

9 балл

Бланк № 2

13 of 74

Экзаменационни болх

кхочушбарна

лерина хан 235 минот йу

Экзамен лучарна бакъо ло

нийсайаздаран дошамах

пайдаэца

14 of 74

Хаттаршна жоьпаш даларца йозанан болх дIабахьаран кеп

Организаторан болх

Экзамен лучеран болх

Гергарчу хьесапан хан

Ӏ

Дуьххьара аудиозапись хIоттор

Йуьхьанцарчу тексте ладогIар. Тексте ладу-гIучу хенахь черновик тIехь цхьацца йозанаш дар.

3-4 минот

2

Текстан ойлайан хан йалар

Черновикашца болх бар

5-6 минот

3

Аудиозапись шолгIа хIоттор

Йуьхьанцарчу тексте ладогIар

3-4 минот

4

Запись дIайаккхар. Болх йазбан болабан безарх а, дошам лело бакъо хиларх а хаам бар

5

Йозанан болх кхочушбар

-

1 дакъа

15 of 74

Жимачу йозанан балхана кечамбар

1. Леррана деша шайна хьалха хIиттийна

(шайн ТЛК тIера) хаттарш.

2. Йуьхьанцарчу тексте ладогIа.

3. Текстан коьрта хаамаш тидаме эца.

4. Хиламийн, ойлайаран хьалха-тIаьхьалла

билгалйаккха.

5. ХIора хаттарна жоп дала оьшу хаамаш

билгалбаха.

6. Йуьхьанцарчу тексте ладогIа шозлагIа.

1 дакъа

16 of 74

7. Тидаме эцначу хаамех пайда а оьцуш, хIора хаттарна нийса а, дуьззина а жоп ло.

8. Черновик тIехь кхочушбе йозанан болх.

9. Йозанан болх дIа а беший, дешнаш дагарде (уьш 60 дашал кIезиг хила ца деза). Нагахь барам кIезиг хилахь, тIедуза йиш йолу жоп къастаде.

10. Йозанан белхан чулацаме дакъа теллича, текстан (жоьпийн) грамматически, орфографически, пунктуационни, къамелан гIалаташ леррана талла.

11. № 2 йолчу бланка тIехь цIена а, къаьсташ а дIайазбе йозанан болх.

17 of 74

Жима йозанан болх йуьхьанцарчу текстан коьрта чулацам боцца схьабийцаран кеп йу. Йозанан болх хила беза чулацаме а, жоьпаш вовшех дозуш а. Иза 5 жоьпах лаьтта. Кхочушбинчу балха тIехь церан рогIалла ларйина хила йеза.

Жима йозанан болх кхочушбеш, дешархой Iема текстера коьртаниг схьакъасто a, xIopa хаттарна нийса жоп дала а.

Хаттаршна жоьпаш луш, хаа деза авторна хетарг нийса гайта а, хиламийн маьIнин хьалха-тIаьхьалла ларйан а.

18 of 74

Хаттарш:

1. Аренан некъан тачанах хӀун хиллера?

2. Муха кхоьлира буьйса?

3. Говр муьлхачу агӀор гӀертара?

4. СаӀида хӀун сацам бира?

5. Муха цӀа кхачийра СаӀид говро?

1 дакъа

2023

19 of 74

Жоьпаш:

1. Аренан некъан тача дӀадаьккхинера охуш леллачу нуьцкъалчу тракторша.

2. Гуьйренан дохк доьлла, говран ши лерг а ца галла кхоьлира буьйса, хьалха бутт а, цул тӀаьхьа дерриг седарчий а къайла а дохуш.

3. Говр йиллана аьрру aгӀop гӀертара, «хур-хур» а деш.

4. СаӀида сацам бира говран урх, кхин аьтту агӀорхьа ца уьйзуш, хецна йита.

5. Ша дийнахь дӀайахана некъан лар а лоьхуш, гал ца йолуш, иза цӀa кхачийра говро, ша шен лаамехь йитича.

(68 дош)

2024

1 дакъа

20 of 74

1-чу тIедилларан маххадоран критереш

ЛадоьгӀначу текстан буха тӀехь билгалдаьхначу

хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбинчу

йозанан белхан маххадоран критереш

Баллаш

ХЖК1

Жоп тIедилларца догIуш хилар

Жоп тIедилларца догIуш ду (хаттаршна

жоьпаш йаздина). Хӏора жоьпан терахь

билгалдаьккхина

2

(1)

Жоп тIедилларца догIуш ду (хаттаршна

жоьпаш йаздина),

амма

жоьпаш оьшучу терахьашца билгалдаьхна дац

1

Жоп тIедилларца догIуш дац (текст ма-йарра

схьайазйина)

0

(1

21 of 74

ХЖК2

Жоьпийн барам

Экзамен лучо ладоьгIначу текстан буха тIехь

хIиттийнчу дерриг а хаттаршна нийса

жоьпаш делла

3

(2)

Экзамен лучо ладоьгIначу текстан буха тIехь

хIоттийнчу 4 хаттарна нийса жоп делла

2

(1)

Экзамен лучо ладоьгIначу текстан буха тIехь

хIоттийнчу 3 хаттарна нийса жоп делла

1

(0)

Экзамен лучо ладоьгIначу текстан буха тIехь

хIоттийнчу 2 хаттарна нийса жоп делла

йа

цхьана а хаттарна нийса жоп ца делла

0

1-чу тIедилларан маххадоран критереш

22 of 74

ХЖК3

Белхан дIахIоттам

Экзамен лучо далийна жоьпаш йозучу тексте

дирзина

2

Экзамен лучо далийна жоьпаш йозучу тексте

дерзар нисделла

амма

2 жоьпан хьалха-тIаьхьалла галйаьккхина

1

Экзамен лучо далийна жоьпаш йозучу тексте

дерзар ца нисделла

йа

3 жоьпан хьалха-тIаьхьалла галйаьккхина

0

ХЖК1–ХЖК3 критерешца кхочушбинчу йозанан

белхан баллийн лаккхара барам

7

ХЖК – хаттарийн жоьпийн критереш

1-чу тIедилларан маххадоран критереш

23 of 74

Тидам бе!

Жима йозанан болх йазбеш, дешархо декхарийлахь ву билгалдаьхначу хаттарийн рогIалла а ца йохош, нийса, дуьззина жоьпаш дала.

И болх кхиамца кхочушбархьама хила деза хьелаш:

  • дешархочунна, хаттарна жоп дала оьшу хаам а къастош, тексте ладогIа хаар;
  • ладоьгIначу текстера тIеэцна хаамаш йозанехь билгалбаха хаар.

1 дакъа

24 of 74

Нагахь ладоьгIначу текстан буха тIехь билгалдаьхначу хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбина йозанан болх ма-йарра схьайазйина ладоьгIна текст йелахь, оцу белхан ХЖК1ХЖК3 талларан критерешца ноль баллаца мах хадабо.

Экзамен лучун йозанан къамелан нийсайаздаран а, фактически нийса хиларан а мах хадор ша къаьстина кхочушдо.

(6 таблица)

Тидам бе!

1 дакъа

25 of 74

ТIедахкарийн чулацам

2. Синтаксически анализ

3. Пунктуационни анализ

4. Синтаксически анализ

5. Орфографически анализ

6. Текстан чулацаман анализ

7. Меттан суртхӀотторан гӀирсийн анализ

8. Лексически анализ

2 дакъа

26 of 74

Тидам бе! Бланк №1

  • Бланка тIехь дIайаздеш долу жоп 17 хьаьркал сов хила йиш йац.
  • Шалха элп долу дош йаздеш, цу элпан хIора хьаьрк къаьстинчу клетки чу йаздо.
  • Нагахь санна жоп шиннах йа цул сов дешнех лаьтташ делахь, хIора дош дIайаздо, йуккъехь клетка а ца йуьтуш, цIоьмалг а, кхидолу хьаьркаш а ца хIиттош. Дош дацдина йаздан мегаш дац.
  • Текста йукъара дош йа дешнийн цхьаьнакхетар схьайаздеш, текстехь долу церан дожар а, терахь а лардан деза.
  • № 1 йолчу жоьпийн бланка тIехь гIалаташ девлла жоьпаш нисдан билгалйаьхна меттигаш йу.

Хаалахь! Элп йа хьаьрк «I» йукъахь долу дош жоьпехь хила ца деза.

27 of 74

2-гӀа тӀедиллар

Текстан хӀора а предложенин грамматически лард билгалйаккха.

(1)Шен дехачу мекхашна йуккъехула вела а къежна, со шена тӀеозийра дас. (2)ХӀетахь дуьйна дукха хан дӀайаьллехь а, суна дика дагайогӀу йуьрта доьлхуш тхаьш новкъахь йаьккхина и инзаре хаза буьйса. (3)Цкъа а йицлур йац керла хьаькхначу алан дешнашца йийцалур йоцу цхьа шатайпа хаза хьожа. (4)Дицлур дац, йист йоцчу стиглахь догучу шийлачу седарчашка а хьоьжуш, оцу алана тӀехь Ӏиллар.

2 дакъа

28 of 74

Текстан хӀора а предложенин грамматически лард билгалйаккха.

(1)Шен дехачу мекхашна йуккъехула вела а къежна, со шена тӀеозийра дас. (2)ХӀетахь дуьйна дукха хан дӀайаьллехь а, суна дика дагайогӀу йуьрта доьлхуш тхаьш новкъахь йаьккхина и инзаре хаза буьйса. (3)Цкъа а йицлур йац керла хьаькхначу алан дешнашца йийцалур йоцу цхьа шатайпа хаза хьожа. (4)Дицлур дац, йист йоцчу стиглахь догучу шийлачу седарчашка а хьоьжуш, оцу алана тӀехь Ӏиллар.

2-гӀа тӀедиллар

2 дакъа

29 of 74

3-гӀа тӀедиллар

Оьшучохь цӀоьмалгаш хӀиттайе.

I. БӀаьстенан хаза суьйре йара. Шен кетӀарчу бӀарийн диттан кӀелахь лаьттачу лохачу гӀанта а хиъна ловзучу берашка хьоьжура воккха стаг Ӏела. Цунна чӀогӀа безам хетара и бӀарийн дитт. И дитт цо а цуьнан дас а цхьаьна дӀадийна дара. БӀарийн дитт хӀинца къанделла. Кертах а хьакхалуш даржийна цо шен даккхий генаш. Цаьрга а хьоьжуш ойлане велира воккха стаг.

2 дакъа

30 of 74

3-гӀа тӀедиллар

II. Дерриг дуьне доттуш Ӏаламат бовха бара малх. Урамехь наггахь бен ца гора дӀасавоьдуш стаг амма йовхонах къаьхкаш дацара бераш. Цара шайн мукъа хан хи тӀехь йоккхура мелачу хи чохь луьйчуш акхтаргийн ӀиндагӀехь садоӀуш.

Оьшучохь цӀоьмалгаш хӀиттайе.

2 дакъа

31 of 74

3-гӀа тIедиллар

Оьшучохь цӀоьмалгаш хӀиттайе.

I. БӀаьстенан хаза суьйре йара. Шен кетӀарчу бӀарийн диттан кӀелахь лаьттачу лохачу гӀанта а хиъна, ловзучу берашка хьоьжура воккха стаг Ӏела. Цунна чӀогӀа безам хетара и бӀарийн дитт. И дитт цо а, цуьнан дас а цхьаьна дӀадийна дара. БӀарийн дитт хӀинца къанделла. Кертах а хьакхалуш, даржийна цо шен даккхий генаш. Цаьрга а хьоьжуш, ойлане велира воккха стаг.

2 дакъа

32 of 74

3-гIа тIедиллар.

II. Дерриг дуьне доттуш, Ӏаламат бовха бара малх. Урамехь наггахь бен ца гора дӀасавоьдуш стаг, амма йовхонах къаьхкаш дацара бераш. Цара шайн мукъа хан хи тӀехь йоккхура, мелачу хи чохь луьйчуш, акхтаргийн ӀиндагӀехь садоӀуш.

Оьшучохь цӀоьмалгаш хӀиттайе.

2 дакъа

33 of 74

8-гIа тIедиллар

Билгалдаьхначу дешнашна синонимаш йалайе.

  1. Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу.

2. Хазачу дашо Ӏуьргара лаьхьа баьккхина.

3. Сагатделлачу къонахчун дог дино хьаьстина.

4. Сакхт доцуш доттагӀ хьо лаца гӀертахь, и воцуш вуьсур ву хьо.

5. Воккхачо аьлларг дайна дац.

6. КӀеззиг дечо дукха дуьйцу.

7. Сихалла а йохкий, собар эца.

8. СапаргӀат ваха лаахь, девнаш ма леха.

2 дакъа

34 of 74

8-гIа тIедиллар

 

Билгалдаьхначу дешнашна синонимаш йалайе.

  1. Хьекъал кхетам
  2. Хазачу исбаьхьчу
  3. Сагатделлачу сахьаьвзинчу
  4. Сакхт айп; доттагӀ накъост
  5. Воккхачо къаночо
  6. Дукха шорта, алсам
  7. Сихалла чехкалла, масалла
  8. СапаргӀат синтеме

2 дакъа

35 of 74

8-гIа тIедиллар

Билгалдаьхначу дешнашна антонимаш йалайе.

1. Чохь ца хилла сий … а хир дац.

2. Мотт – беха, хьекъал – ….

3. Нехан махкахь эла хуьлучул шен эвлахь … хилар тоьлу.

4. Дикачух – тарло, … – херло.

5. Дика дечунна дикалла шена, вон дечунна … а шена.

6. ДоттагӀ шираниг тоьлу, керт – … .

7. Тахана харцдерг ахь дийцахь, … хьох тешар бац.

8. Сихалла а йохкий, … эца.

2 дакъа

36 of 74

8-гIа тIедиллар

1. Чохь ца хилла сий арахь а хир дац.

2. Мотт – беха, хьекъал – доца.

3. Нехан махкахь эла хуьлучул шен эвлахь лай хилар тоьлу.

4. Дикачух – тарло, вочух – херло.

5. Дика дечунна дикалла шена, вон дечунна волла а шена.

6. ДоттагӀ шираниг тоьлу, керт – керланиг.

7. Тахана харцдерг ахь дийцахь, кхана хьох тешар бац.

8. Сихалла а йохкий, собар эца.

2 дакъа

37 of 74

3 дакъа

38 of 74

Сочинени-ойлайар (9.1, 9.2, 9.3)

  • 3-чу декъан тIедиллар кхочушдо 2-чу декъан 6-8-гӀий тIедахкаршца болх беш йешначу текстан буха тIехь.
  • 3-чу декъан болх болош, далийнчу кхаа тIедилларх (9.1, 9.2 йа 9.3) цхьаъ хоржу, цунна кхоччуш (аргументированни) дуьззина йозанан жоп а луш.
  • Сочиненин барам 70 дашал кIезиг хила ца беза.
  • Сочиненин лаккхара балл – 9

3 дакъа

39 of 74

Сочинени-ойлайар

Лахахь йалийнчу клишех пайда а оьцуш, сочинени-ойлайар йазйе, халкъан хьехархочун Ш.И. Абдуразаковн «Нохчийн мотт хьалдолуш а, аьхна а мотт бу, уггар хаза, кIорггера дог-ойланаш ма-йарра цIена, нийса, йуьззана йийца йиш йолуш» бохучу дешнийн маьIна а достуш. Хьайн жоп тIечIагIдеш, йешначу текста тIера ши масал даладе.

3 дакъа

9.1

40 of 74

Сочинени-ойлайар

Клишеш:

1. Халкъан хьехархочо Ш.И. Абдуразаковс шен дешнашкахь гойту…

2. Оцу меттан суртхӀотторан гӀирсех шуьйра пайдаэцна йаздархочо шен текстехь.

3. Текстан 30-чу предложенехь… пайдаэцна.

4. Лакхахь далийнчу масалшка хьаьжча, вайн кхин цкъа а тӀечӀагӀдан йиш йу…

3 дакъа

9.1

41 of 74

Халкъан хьехархочо Ш.И. Абдуразаковс шен дешнашкахь гойту нохчийн мотт, мел кӀорггера ойла а, синхаам а цӀена гайта йиш йолуш, башха хазна хилар. Иза, цхьа а шеко йоцуш, бакъдерг ду: тайп-тайпанчу гӀирсех пайда а оьцуш, дог-ойла нийса, йуьззана йийца йиш йу вайн маттахь.

(41 дош)

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.1

42 of 74

Сочинени-ойлайар

Хьайн жоп тӀечӀагӀдеш, йешначу текста тӀера ши масал даладе.

Кехато садоура

метафора

Йуьхь йекхайелира

фразеологизм

3 дакъа

9.1

43 of 74

Сочинени-ойлайар

Оцу меттан суртхӀотторан гӀирсех шуьйра пайдаэцна йаздархочо шен текстехь. Масала, 15-чу предложенехь йалийна «кехато садоура» боху метафора. Оцу меттан говзачу гӀирсо вайна хоуьйту, ша кехат чудожор бахьана долуш, Вадуде хӀоьттина хьал.

(30 дош)

3 дакъа

9.1

44 of 74

Сочинени-ойлайар

Текстан 30-чу предложенехь «йуьхь йекхайелира» бохучу фразеологизмах пайдаэцна. Дешнийн чӀагӀделлачу цхьаьнакхетарца авторна говза гайта хиъна дена кехатан чулацам хазахетта хилар.

(19 дош)

3 дакъа

9.1

45 of 74

Сочинени-ойлайар

Лакхахь далийнчу масалшка хьаьжча, вайн кхин цкъа а тӀечӀагӀдан йиш йу нохчийн маттахь уггар хаза, кӀорггера дог-ойланаш ма-йарра цӀена, нийса йийцалур йолуш хилар.

(23 дош)

3 дакъа

9.1

46 of 74

Халкъан хьехархочо Ш.И. Абдуразаковс шен дешнашкахь гойту нохчийн мотт, мел кӀорггера ойла а, синхаам а цӀена гайта йиш йолуш, башха хазна хилар. Иза, цхьа а шеко йоцуш, бакъдерг ду: тайп-тайпанчу меттан суртхӀотторан гӀирсех пайда а оьцуш, дог-ойла нийса, йуьззана йийца йиш йу вайн маттахь.

Царах шуьйра пайдаэцна Ӏ.Э. Гайсултановс шен текстехь. Масала, 15-чу предложенехь йалийна «кехато садоура» боху метафора. Оцу меттан говзачу гӀирсо вайна хоуьйту, ша кехат чудожор бахьана долуш, Вадуде хӀоьттина хьал.

Текстан 30-чу предложенехь «йуьхь йекхайелира» бохучу фразеологизмах пайдаэцна. Дешнийн чӀагӀделлачу цхьаьнакхетарца авторна говза гайта хиъна дена кехатан чулацам хазахетта хилар.

Лакхахь далийнчу масалшка хьаьжча, вайн кхин цкъа а тӀечӀагӀдан йиш йу нохчийн маттахь уггар хаза, кӀорггера дог-ойланаш ма-йарра цӀена, нийса йийцалур йолуш хилар.

(112 дош)

47 of 74

Сочинени-ойлайар

Вина йурт

Бода дӀаэккхабеш,

_______ малх хьаьжча,

Ламанан бухь кхолуш,

3Ӏенарш схьакхетча,

Вовшашка кхаъ боккхуш,

Шовданаш _______, –

Ма хазло МахкатӀе,

Дог _______ хьоьстуш!

3 дакъа

48 of 74

Сочинени-ойлайар

Вина йурт

Бода дӀаэккхабеш,

Дашо малх хьаьжча,

Ламанан бухь кхолуш,

3Ӏенарш схьакхетча,

Вовшашка кхаъ боккхуш,

Шовданаш декаш, –

Ма хазло МахкатӀе,

Дог мерза хьоьстуш!

3 дакъа

49 of 74

Сочинени-ойлайар

Со жимчохь къаьстира

Йезначу ненах.

Хьох херавелира,

___________ дуьтуш,

Ненан сурт хьайчуьнца

Хьалха а хӀуьттуш,

Зама ас ____________,

Тахане лоьхуш.

3 дакъа

50 of 74

Со жимчохь къаьстира

Йезначу ненах.

Хьох херавелира,

Дог хьоьца дуьтуш,

Ненан сурт хьайчуьнца

Хьалха а хӀуьттуш,

Зама ас кхийхьира,

Тахане лоьхуш.

3 дакъа

Сочинени-ойлайар

51 of 74

Тамашена йу зама

Шен новкъа ________:

Со жима бер долуш

Хьо _______ йара,

ХӀинца, со къанвелча,

Хьо ________ лаьтта.

Реза ву хийцамна

Хьо тӀех йезарна.

3 дакъа

Сочинени-ойлайар

52 of 74

Тамашена йу зама

Шен новкъа йоьдуш:

Со жима бер долуш

Хьо къена йара,

ХӀинца, со къанвелча,

Хьо къонлуш лаьтта.

Реза ву хийцамна

Хьо тӀех йезарна.

(Саидов Билал)

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

53 of 74

Аьхкенан буьйса пхьуьйра хене йаханера. Батто, зӀенарш комаьрша лаьтта хьежош, дуьне хаъал серладаьккхинера. Кхоларан мархех цӀанйеллачу стиглахь, седарчашна йуккъехула, къилбаседа агӀор нека деш, дӀабоьдура иза. МаьӀ-маьӀӀехь бахархойн шовкъе къамелаш хезара. Ломан йурт хӀинца а тийналлин карайаха гена йара.

3 дакъа

Сочинени-ойлайар

54 of 74

Аьхкенан буьйса пхьуьйра хене йаханера. Батто, зӀенарш комаьрша лаьтта хьежош, дуьне хаъал серладаьккхинера. Кхоларан мархех цӀанйеллачу стиглахь, седарчашна йуккъехула, къилбаседа агӀор нека деш, дӀабоьдура иза. МаьӀ-маьӀӀехь бахархойн шовкъе къамелаш хезара. Ломан йурт хӀинца а тийналлин карайаха гена йара.

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

55 of 74

«Шех тешам байъина стаг цхьана а хӀуманан меха вац».

Шайн тезисехь коьртаниг чулоцуш йолу ши ойла билгалйаккха.

Масала:

1. Стаг тешаме хилар адаман синмехаллех цхьаъ йу.

2. Амма цкъа харцо гучуйалахь, цунах тешам бов, ткъа шех тешам байъинчух нехан бӀаьрг боду.

3 дакъа

Сочинени-ойлайар

9.2

56 of 74

Хьалхара ойла нийса хилар тӀечӀагӀдеш йолу предложени (-еш) карайе текстера.

  1. Стаг тешаме хилар адаман синмехаллех цхьаъ йу.

Текстехь: (51) Суна шуьшингахь тайнарг ашшимма и чудожор лачкъацадар ду. (54) Адамехь уггар а мехалниг тешам хилар ду.

3 дакъа

Сочинени-ойлайар

9.2

57 of 74

Хьалхара ойла нийса хилар тӀечӀагӀдеш йолу предложени (-еш) карайе текстера.

  1. Стаг тешаме хилар адаман синмехаллех цхьаъ йу.

Текстехь: (51) Суна шуьшингахь тайнарг ашшимма и чудожор лачкъацадар ду. (54) Адамехь уггар а мехалниг тешам хилар ду.

3 дакъа

Сочинени-ойлайар

9.2

58 of 74

ШолгӀа ойла тӀечӀагӀйеш, хьовсур вай йуха а тексте. 52, 53-чуй предложенешкахь билгалдолу, цкъа харцдерг дийцича, адамах тешам бовш хилар. Ткъа шех тешам байъина стаг нахана осала хета.

(27 дош)

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.2

59 of 74

Текстера масалша тӀечӀагӀдо тешам вайх хӀораннан амалехь уггар а ца хилча йиш йоцу синмехалла хилар. Стаг дахаран новкъахь, шен сий а лардеш, массарна тешаме а волуш, чекхвала веза.

(28 дош)

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.2

60 of 74

Йалийнчу предложенин маьӀнех со иштта кхета: стаг тешаме хилар адаман синмехаллех цхьаъ йу. Амма цкъа харцо гучуйалахь, цунах тешам бов, ткъа шех тешам байъинчух нехан бӀаьрг боду.

ХӀокху тезисан нийса хилар текстера

51-чуй, 54-чуй предложенешца тӀечӀагӀдо вай. Шайгара даьллачу гӀалатана мукӀарло до шина кӀанта. Дена дика хеттарг цу шимма шена харцдерг цадийцар ду. Ткъа иза стаг тешаме хиларан коьрта билгало йу.

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.2

61 of 74

ШолгӀа ойла тӀечӀагӀйеш, хьовсур вай йуха а тексте. 52, 53-чуй предложенешкахь билгалдолу, цкъа харцдерг дийцича, адамах тешам бовш хилар. Ткъа шех тешам байъина стаг нахана осала хета.

Текстера масалша тӀечӀагӀдо тешам вайх хӀораннан амалехь уггар а ца хилча йиш йоцу синмехалла хилар. Стаг дахаран новкъахь, шен сий а лардеш, массарна тешаме а волуш, чекхвала веза.

(113 дош)

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.2

62 of 74

Тешам бохучу дешан маьӀнех хьо муха кхета?

«Тешаман мехалла» темина сочинени-ойлайар йазйе айхьа билгалдаьккхинчун буха тIехь.

Ши масал-тIечIагIдар даладе: цхьаъ – йешначу текстера, шолгIаниг – хьайн дахарехь зеделлачух.

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.3

63 of 74

Тешам – иза стагана, цхьана а хӀуман тӀехь шеко йоцуш, харцо йарх ца кхоьруш, майрра шен ойла а, къайле а кхечуьнга кховдо йиш хилар ду. Тешаме хила стаг бераллехь дуьйна Ӏамо веза. Цуьнан сица а, кхетамца а чӀагӀйан йезаш йу и синмехалла.

(41 дош)

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.3

64 of 74

ХӀокху текстан авторна вайна гайта лиънарг ду Вадуддий, Дауддий тешам болуш хилар а, шайгара йаьлла ледарло дех цара лачкъацайар а. Иза вайна билгалдолу 21-24-чуй предложенешкахь.

(24 дош)

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.3

65 of 74

И тезис тӀечӀагӀйеш, айса дешначу Махмаев Жамалдинан «Буьйсанна гӀулчаш» дийцар тӀера масал далор ду. Солсина хаьара нахана хи мала хӀоттийна кад схьаэцар ледара хӀума дуй. «ХӀунда байъи ахь сан а, нехан а тешам?» – бохуш, лерехь декачу ненан озо Солса кхетийра тешам массо хӀуманал беза хиларх.

(45 дош)

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.3

66 of 74

Лакхахь аьллачун тӀера билгалдолу хӀора стаг шен сица а, ойланца а цӀена, тешаме хила везар. Ткъа и синмехалла жимчохь дуьйна кхио йеза.

(22 дош)

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.3

67 of 74

Тешам – иза стагана, цхьана а хӀуман тӀехь шеко йоцуш, харцо йарх ца кхоьруш, майрра шен ойла а, къайле а кхечуьнга кховдо йиш хилар ду. Тешаме хила стаг бераллехь дуьйна Ӏамо веза. Цуьнан сица а, кхетамца а чӀагӀйан йезаш йу и синмехалла.

ХӀокху текстан авторна вайна гайта лиънарг ду Вадуддий, Дауддий тешам болуш хилар а, шайгара йаьлла ледарло дех цара лачкъацайар а. Иза вайна билгалдолу 21-24-чуй предложенешкахь.

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.3

68 of 74

И тезис тӀечӀагӀйеш, айса дешначу Махмаев Жамалдинан «Буьйсанна гӀулчаш» дийцар тӀера масал далор ду. Солсина хаьара нахана хи мала хӀоттийна кад схьаэцар ледара хӀума дуй. «ХӀунда байъи ахь сан а, нехан а тешам?» – бохуш, лерехь декачу ненан озо Солса кхетийра тешам массо хӀуманал беза хиларх.

Лакхахь аьллачун тӀера билгалдолу хӀора стаг шен сица а, ойланца а цӀена, тешаме хила везар. Ткъа и синмехалла жимчохь дуьйна кхио йеза. (132 дош)

Сочинени-ойлайар

3 дакъа

9.3

69 of 74

Диц ма де, сочиненехь 4 абзац хила йеза:

  1. Дешнийн маьIна дастар.
  2. Хьалхара масал.

3. ШолгIа масал.

4. ЖамI (дерзор).

Магадо: йалийна клишеш хийца.

Тидам бе!

3 дакъа

70 of 74

Экзамен лучо къамел нийса йаздаран а, фактически нийса хиларан а маххадоран критереш

Баллаш

ГК1

Орфографически норманаш ларйар

2

ГК2

Пунктуационни норманаш ларйар

2

ГК3

Грамматически норманаш ларйар

2

ГК4

Къамелан норманаш ларйар

2

ФК1

Йозанан къамелан фактически нийса хилар

2

ГК1–ГК4, ФК1 критерешца сочиненин а, жима йозанан белхан а маххадоран баллийн лаккхара барам

10

Баллийн лаккхара барам: 33

1 дакъа

7 б.

2 дакъа

7 б.

3 дакъа

9 б.

23 б.

10 б. (Таблица № 6)

71 of 74

п/п

 

Къамел нийса йаздаран маххадоран критереш (ГК1-ГК4, ФК1)

Хьалха

Бал-

лаш

ГК1

Орфографически норманаш ларйар

 

Орфографически гӀалаташ дац, йа 2-нал сов гӀалат ца далийтина

 

2

3, 4 гӀалат далийтина

 

1

5 йа цул сов гӀалат далийтина

 

0

ГК2

Пунктуационни норманаш лайар

 

Пунктуационни гӀалаташ дац, йа 2-нал сов гӀалат ца далийтина

3

2

3, 4 гӀалат далийтина

4, 5

1

5 йа цул сов гӀалат далийтина

6

0

ГК3

Грамматически норманаш ларйар

 

Грамматически гӀалат дац, йа 1 гӀалат далийтина

2

2

2 гӀалат далийтина

3

1

3 йа цул сов гӀалат далийтина

4

0

ГК4

Къамелан норманаш ларйар

 

Къамелан гӀалат дац, йа 2-нал сов гӀалат ца далийтина

3

2

3, 4 гӀалат далийтина

4, 5

1

5 йа цул сов гӀалат далийтина

6

0

ФК1

Йозанан къамелан фактически нийса хилар

 

Материал схьайийцарехь йа терминех кхетарехь а, йукъайалорехь а гӀалат ца далийтина

 

2

Материал схьайийцарехь йа терминаш йукъайалорехь 1 гӀалат далийтина

 

1

Материал схьайийцарехь йа терминаш йукъайалорехь 2 гӀалат далийтина

 

0

Йерриг

 

10

72 of 74

Нийсайаздаран маххадорехь (ГК1-ГК4, ФК1) тидаме эца беза жимачу йозанан белхан а, сочиненин а барам

130 дош

60-129 дош

2 б.

> 60

1 б.

0 б.

Нагахь дешархочо кхоллараллин цхьа болх бен кхочуш ца бинехь (йа жима йозанан болх, йа сочинени), ГК1-ГК4, ФК1 критерешца маххадор цу белхан бараме хьаьжжана хуьлу:

120 дош

50-119 дош

> 50

Хьалха

73 of 74

НОХЧИЙН МЕТТАН ЭКЗАМЕН

Дешаран

предмет

«2»

«3»

«4»

«5»

Нохчийн мотт

0-14

15-22

23-28,

царах ГК1-ГК4 критерешца

4 баллал кӀезиг хила ца йеза.

Нагахь ГК1-ГК4

критерешца дешархочо

4 баллал кӀезиг йаьккхинехь,

3 дуьллу.

29-33,

царах ГК1-ГК4 критерешца

6 баллал кӀезиг хила ца йеза.

Нагахь ГК1-ГК4 критерешца дешархочо

6 баллал кӀезиг йаьккхинехь,

4 дуьллу.

74 of 74

РЕФЛЕКСИ (2 фразеологизм хоржу)

  1. Дог токхдеш…
  2. Дог тӀе ца доьрзуш…
  3. Керлачу тӀегӀан тӀехь…
  4. Коьртехь кегаш йу…
  5. Кхачаме дац…
  6. Кхин дика ца хиллал…
  7. Дикачу балхе сатуьйсуш…
  8. Некъах тилла…
  9. Нийса некъ карийна…
  10. Ойла шалхайаьлла…
  11. Са паргӀатдаьлла…
  12. Сих-дагах кхеташ…