1 of 8

Тема: Бексултанов Мусан дахар а, кхолларалла а

Кечйина Эльмурзаева Аминас

2 of 8

Бексултанов Муса

Бексултанов Муса вина 1954 - чу шарахь товбецан беттан 1-чу дийнахь Кустанайхь, нохчийн къам арадаьккхина итт шо даьлча. БексултановгIеран доьзал 1957 – чу шарахь бирзина Нохчийчу цIа. Уьш баха хевшина Олхазар - кIотара. Цигахь чекхйоккху Мусас 1972 – чу шарахь школа.

3 of 8

Хьехархо

Сулейманов Ахьмад хилла Бексултановн хьехархо. Цо беркате тIеIаткъам бина хинволчу йаздархочунна. Шен дуьххьарлера книга «Мархийн кIайн гIаргIулеш» Ахьмадна лерина йазйина Мусас. 1972-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан университете филологин къоман факультете деша воьду йаздархо. Цигахь «Пхьармат» литературни цхьанакхетараллин декъашхо хуьлу цунах.

4 of 8

Дийцарш

1980-чу шарахь «Орга» альманах тIехь дуьххьара зорба тоьхна Мусан дийцар. И дийцар Мусас Сулейманов Ахьмадна лерина йазйина. 1985-чу шарахь арайаьлла цуьнан «Мархийн кIайн гIаргIулеш» цIе йолу дийцарийн книга. ХIетахь дуьйна исбаьхьаллин литературехь шен ницкъаш зуьйш схьавогIу йаздархо. Дахарца кIорггера зIе хиларца билгалйовлу цуьнан произведенеш.

5 of 8

Журнал «СтелаIад»

1986-чу шарахь республикин исторехь дуьххьара «СтелаIад» цIе йолу берийн журнал дIадиллира. Иза дIадоьллуш къахьегначех ву цхьаъ Муса. ХIетахь дуьйна цу журналехь болх беш схьавеана иза.

6 of 8

Книгаш

Прозехь йазйинчу пхеа книгин автор ву Муса: «Мархийн кIайн гIаргIулеш» (I985); «Йуха кхана а, селхана санна» (I988); «Нагахь, сайн сагатделча» (2004); «Йа хьан тухур буьйсанна хьан неI» (2005); «Сан вешин тIехьийза йоI» (20I3); «ЙоI-бIаьсте» (20I8).

7 of 8

Нохчийн халкъан йаздархо

Россин йаздархойн Союзан декъашхо а, Нохчийн халкъан йаздархо а ву Муса. Шен кхоллараллехь хIун йаздар коьрта а ца лору, муха йаздан бен. Бексултанов Мусан кхоллараллин хьоста – иза Нохчийчоь йу, цуьнан баланаш, лазамаш, эшамаш, толамаш а. Цунна Нохчийчоь, цуьнан истори йовзар ширачу тептаршкара дац.

8 of 8

Дерзор

Мусана Нохчийчоь ша схьаваьлла доьзал бу, цуьнан да, деда, ворхIе да, муьлххачу нохчочун санна, церан декъаза нисбелла кхоллам а. Бераллехь дуьйна ден масалш тIехь, цуьнан хьехарш тIехь кхиъна волчу Мусан кхоллараллин турпалхой бу шатайпана, доьналлин амалшца къаьсташ болу нах. Церан Iалашо дуьнен чохь шен цIе йита йезар ду, стаг ша велча а, дийна йуьсур йолу цIе. Шайн белшаш тIехь дуьне латтийна болу къонахий биц ца болуьйту йаздархочо шен говзаршкахь.