1 of 12

«Предложени»�темина зачет

Дашаева Л.Х.

2 of 12

Хаттаршна жоьпаш ло:

1. Стенах лаьтта предложени ?

2. Предложенехь дешнийн уьйр муха хуьлу?

3. Предложенино хIун гойту?

  1. Керлачу предложенин йуьхь муха билгалйоккху йозанехь?

5. Дийца предложенин чаккхенга хIун сацаран хьаьркаш хIиттадо.

3 of 12

Кху дешнех предложенеш хIиттайе, нийса дIайазйе уьш:

  1. бераш тIехь хехкало Iай салазаш
  2. хьанах пхьагал лечкъа
  3. хаза седарчий къега мел
  4. Аслана а лайн мижаргаш Рустама а детта

ХIора предложенера грамматически лард

къастайе.

4 of 12

ХIетал-метал хоийла хьуна, вай долчу хьошалгIа муьлха акхарой йаьхкина?

ГАЛ ДУК

ЦХЬО САЛ

БУ ЧА

РУН ГАЛ ТАР ПХЬА

5 of 12

ТАЛЛА

ЦХЬОГАЛ

ЧА

ТАРСАЛ

ПХЬАГАЛ

БУРУНДУК

6 of 12

ГIалаташ нисдай, предложенеш хIиттайе:

БУРУНДУК тIаьхьало йолу

ПХЬАГАЛ хIиллане каде ТАРСАЛ

стешха ЧА

ЦХЬОГАЛ гома тIодаш

7 of 12

Чеккхдаха могIанаш:

  1. Предложенеш,аларан Iалашоне хьаьжжина, хуьлу ………………….

2. Аз ойуш,чIогIа олучух ……предложени олу.

3. Цхьана гIуллакхах йа хиламах лаьцна

хаам бечух …….. предложени олу.

4. Шен чулацамца хаттаран маьIнехь йолчух …….. предложени олу.

8 of 12

Йуьхь а къастош, оьшу сацаран хьаьркаш а хIиттош, дIайазйе предложенеш:

гаьннаш тIехь Iаш ду хьозарчий церан некха ун цIен ду хIун йу оцу олхазарийн цIе уьш лайн хьозарчий ду мел хаза ду уьш бераш, олхазаршна хIума тасалаш

9 of 12

ТАЛЛА

Гаьннаш тIехь Iаш ду хьозарчий. Церан некха ун цIен ду. ХIун йу оцу олхазарийн цIе? Уьш лайн хьозарчий ду. Мел хаза ду уьш! Бераш, олхазаршна хIума тасалаш!

Дийца хIора предложених лаций.

10 of 12

ДIайеша текст. Оьрсийн меттан дешнаш гочдеш, нисйе текст.

Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу вопросам, вуно хорошо кхеташ, сурт хIоттош, отвечал воккхачу стага.

Цо им дуьйцура: бук, дуб, липа, ель, береза… муьлха дечигаш йу, они мича коьчалшна мега а.

– … ЭгIаза жима маргIал хадо а, кагдан а, птиц баннаш дохо а мегар дац, диканаш, – хьоьхура лесник берашна…

Муха хадор дара кортош тIе зеленые генаш-гIаш хьоькхуш: «Марша догIийла шу, тхан друзья!» -- бохуш санна, хьестало маргIалш. Гечдийр дарий ткъа природа дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн жизнь хестош декачу олхазаршна бохам бича?..

11 of 12

Талла

Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу хаттаршна, вуно дика кхеташ, сурт хIоттош, жоьпаш лора воккхачу стага.

Цо царна дуьйцура: поп, наж, хьех, база, дакх… муьлха дечигаш йу, уьш мича коьчалшна мега а.

– … ЭгIаза жима маргIал хадо а, кагдан а, олхазарийн баннаш дохо а мегар дац, диканаш, – хьоьхура хьуьнхочо берашна…

Муха хадор дара кортош тIе баьццара генаш-гIаш хьоькхуш: «Марша догIийла шу, тхан доттагIий!» -- бохуш санна, хьестало маргIалш. Гечдийр дарий ткъа Iаламо дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн дахар хестош декачу олхазаршна бохам бича?..

12 of 12

Дала аьтто бойла!