1 of 10

«СТОММА»,«ДУТКЪА» � ХАТТАР

Кхиош долу карадерзорш:

  • Хаттар хIоттор
  • Анализ а, синтез а
  • Хаамийн экспертиза
  • Гатте гучуйаккхар а, анализ а
  • Хаамаш вовшашка бийцар

ЧАДАЕВА Л.Х.

2 of 10

Къастам

Хаттарш (вовшийн) вовшахтохаран техника- «дуткъачу» хаттарна доцца жоп ло «хIаъ» йа «хIан-хIа» дешнашца, ткъа «стоммачу» хаттарна совнаха хаамаш лаха а, хаамийн анализ йан а, дуьззина жоп дала а деза.

Пайдаэцаран Iалашонаш

Хаттарш хIитто а, дуьззина жоп дала а, кхечунна хетачуьнга ладогIа а хаарш кхуллу.

3 of 10

ГIулчийн методика

1. «Дуткъачу» а, «стоммачу» а хаттарийн башхалла йовзийта.

2. ХIора дешархочунна шена тIедилла теллинчу темина «дуткъачу» а, «стоммачу» а хаттарийн таблица хIоттайан, тIаккха тетрадь тIе дIайаздан.

«ДУТКЪА» ХАТТАРШ

«СТОММА» ХАТТАРШ

- Мила... ?

- Кхетаде, хIунда... ?

- ХIун... ?

- Шуна хIунда хета... ?

- Маца?...

- Иштта хIунда лору…?

- ЦIе?...

- Цхьатерра а, башхалла йолуш а хIун ду... ?

-Маса?...

- ХIун бахьанаш ду…?

- Мичахь?...

- ХIун хир дара, нагахь санна …?

- Муьлхачу шарахь?...

- Йиш йарий…?

- Нийса дуй…?

- Реза дуй шу…?

4 of 10

3. Дешархоша вовшахтуху 3-4 стагах лаьтта тобанаш, �таблицера 2-3 хаттар ло вовшашка, царна жоьпаш ло йа уьш лоху.

  • Масалш:
  • Нохчийн мотт. 6 класс. Тема «Хандешан хенаш»

«ДУТКЪА» ХАТТАРШ

«СТОММА» ХАТТАРШ

- ХIун гойту хандашо?

- Карарчу хено хIун гойту, муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло?

- Йаханчу хенан маса кеп йу, муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло хIора кепо?

- Хандешан йуьхьанцарчу кепах хIун олу?

- ЙогIучу хенан хандешан маса кеп йу, муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло хIора кепо?

- Муьлхачу хаттаршна жоп ло хандешан билгалзачу кепо?

- Шуна хетарехь, къамелехь стенна оьшу вайна хандош?

- Хандешан маса хан йу?

5 of 10

Нохчийн литература. 5 класс. Тема «Махмаев Ж. «Буьйсанна гIулчаш»

«ДУТКЪА» ХАТТАРШ

«СТОММА» ХАТТАРШ

- Маца вина Махмаев Жамалди?

- Мохк бовза воьдучу кIанте хIун хьехамаш бира нанас?

-Муьлхачу йуьртахь?

- Вашас белла кад шен тIоьрмиг чохь ца карийнчу Солсас хIун дира?

- «Буьйсанна гIулчаш» дийцаран коьрта турпалхо мила вара?

- Бехкбоцуш Солсас хьийзош волу Биболат бакъхилар муха гучуделира?

- Стенга боьлхуш бара дешархой?

- Бирлант хIуманан хьесап дан хууш хилар стен гойту?

-Мила вара церан куьйгалхо?

- Къола динчул тIаьхьа Солсин коьрте хIун ойланаш хьийзаш йара?

- ХIун йайнера Солсин?

- Шегара даьлла гIалат муха нисдира кIанта?

6 of 10

Тидаме эца

Техникех пайдаэца материалца болх баран тайп-тайпанчу этапашкахь:

  • Iаморан этапехь (на этапе изучения) — хаарш карадерзорехь, уьш довзуьйтучу муьрехь (масала, текст йоьшуш йа конспект хIоттош)
  • тIечIагIдаран муьрехь (на этапе закрепления) — хаарийн, карадерзорийн тIегIа талла. Дешархошна тIедилла дIайаздан, муьлха «дуткъа» а, «стомма» а хаттарш дисна жоьпаш далаза. Шуна гучуйер йу дешархойн хаарийн ледара агIонаш.
  • хаарийн актулизацийн муьрехь (на этапе актуализации полученных знаний) — хьалха Iамийна материал дешархошна дагайаийта гIо дан.

7 of 10

Хьехархочун декхар

  • Къасторан масех агIо йолчу «дуткъачу» а, «стоммачу» а хаттарийн башхалла гайта. Техника йукъайалош, хьехархочо оцу Iалашонца цкъа хьалха ша даладо хаттарш, тIаккха дешархойн гIоьнца, сих-сиха пайдаоьцуш цхьа хан йаьлча, дешархошка шаьшка хIитталур ду хаттарш.

5-8-гIий классашкахь хьехархочо дешархошка шаьшка хIиттадайта деза гаттен хаттарш, амма вовшийн хеттарш дечу процессехь (в процессе взаимоопроса) церан терго йан йеза, эшахь, дакъалаца а – тешна хила веза, дешархоша хаттаршка ладугIуш а, дуьззина жоьпаш луш а хиларх, йалайайта цаьрга «стоммачу» хаттаршна жоьпийн масех вариант, дийца царна хIун пайда хуьлу аттачу а, «стоммачу» а хаттарех.

8 of 10

КIорггера пайдаэцар

  • Технико таро ло метапредметни компетенцеш кхолла: «дуткъачу» а, «стоммачу» а хаттарех пайдаэца йиш йу, дисскусешна а, дебаташна а кечам беш.

Масала:

ХIора дешархочунна тIедилла, «дуткъа» а, «стомма» а хаттарш хIитто «ТIеэцна дешнаш» темина:

  • Вайн лексикехь дуй тIеэцна дешнаш?
  • Муха кхаьчна уьш вайн матте?
  • -Шуна хIун хета, ца хила йиш йуй вайн лексикехь и тайпа дешнаш?

- Дебаташ дIайахьа дешархой шина тобане бекъа. Хьалхарчу тобано делилаш даладо, тIеэцна дешнаш оьшуш хиларан. ШолгIачу тобано - уьш вайн меттан дешнашца хийца дезаш хиларан. Дешархошка кечам байта хIиттийнчу хаттаршна шайн тобанашкахь жоьпаш даларца.

9 of 10

  • Междисциплинарни дIадолор (междисциплинарный подход) кхочушдарехь пайдаэца техниках, материал карайерзоран этапехь дешархошна тIедилла темина хаттарш хIиттадар, хьалха Iамийнчух пайда а оьцуш.

Масала, Гайcултанов I. «Александр Чеченский» йоьшуш, тIедилла, дешархошна повестехь буьйцучу исторически муьран хьокъехь «дуткъа» а, «стомма» а хаттарш хIиттаде аьлла:

  • Муха кхочу Iали а, цуьнан накъост Хьаси а йийсаре?
  • Раевскийна хIун амалш тов жимачу Iалигахь?
  • -Мила ву повестехь вуьйцу шейх Мансур?
  • Бородинохь хиллачу тIамах лаьцна хIун хаьа хьуна?
  • Исторехь хилла болу турпалхой Кутузов, Давыдов, Наполеон муха гайтина повестехь?
  • «Александр Чеченский» повестехь йуьйцучу заманах, цу заманан хиламех йазйина оьрсийн муьлха произведени йевза шуна?

10 of 10

Уьйр йолу техникаш

  • Кейс-метод, ПОПС-формула, Шесть шляп мышления, Кубик Блума, Пять «почему», Ромашка Блума, Эвристическое исследование, Отсроченная отгадка, INSERT, Подумай, объединись, поделись